«Ненан мотт-сан деган илли»

25.04.2019

Йист йоцу х1орд санна,

бу хьуна шорта,

ша хууш волчунна вайн ненан мотт.

 Ш. Арсанукаев.

     

           Жимчохь дуьйна берашка ненан матте марзо кховдор, церан ненан матте безам кхиор, ч1аг1бар 1алашо йолуш, Нохчийн меттан денна лерина «Ненан мотт-сан деган илли» ц1е йолу къовсам д1абаьхьира Гуьмса г1алин берийн бошмашкара школазхошна юкъахь. Жигара дакъа лецира школазхоша г1арабевллачу нохчийн поэтийн Ш.Арсанукаевн, М.Мамакаевн, А. Айдамировн, Б. Саидовн и.кх.д1. ненан маттах лаьцна байташ йоьшуш, хелхарш деш. Цу къовсамехь хьалхара меттиг  яьккхира Солтагереева Езирас –«Гуьмсан муниципальни к1оштан Гуьмсе г1алан «Берийн беш № 11 «Нана». Шолг1а меттиг  - Юнусова Ясминас- «Гуьмсан муниципальни к1оштан Гуьмсе г1алан «Берийн беш № 8 «Сказка». Кхоалг1а меттигаш йийкъира Шамурзаева 1айшатана -«Гуьмсан муниципальни к1оштан Гуьмсе г1алан «Берийн беш № 18 «Барт», Биссултанова Фаридина - Гуьмсан муниципальни к1оштан Гуьмсе г1алан «Берийн беш № 16 «Дахар».

Цул сов, номенацешца билгалбехира декъашхой:

«Уггаре безамениг» - Ганукаев Билал  - «Гуьмсан муниципальни к1оштан Гуьмсе г1алан «Берийн беш № 1 «Радуга»;

«Уггаре хаза байт йийцинарг» - Абухажиева Радима- «Гуьмсан муниципальни к1оштан Гуьмсе г1алан «Берийн беш № 17 «Жемчужина»;

«Байт жимачу спектаклехь» - Мачигова Сумая - «Гуьмсан муниципальни к1оштан Гуьмсе г1алан «Берийн беш № 14 «Бералла»;

 «Уггаре доггах йийцинарг» - Геземиева Камила - «Гуьмсан муниципальни к1оштан Гуьмсе г1алан «Берийн беш № 10».

         - Къовсам д1аберзош школазхочо далийначу дешнаша: «Нохчийн мотт соьца мел беха,   Онда бу сан лаьттахь орам» гойту, къовсам пайде хилла хилар.

 

Источник: public_news